Исламан арканаш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Исламан пхиъ бӀогӀам тӀера хьажжина кхуза)
Ислам
Исламан арканаш
Ийманан арканаш
Истори а, бусалбанаш а
Коьрта тобанаш
Ӏилма
Культура а, йукъаралла а
Хьажа иштта
Ков     Категори     Викидошам     Викицитатник     Викитека     Викихаамаш     Викисклад

Исламан арка̄наш (рукнаш) (Ӏаьр. أَرْكَانُ الْإِسْلَام‎‎ — «Исламан бӀо̄гӀамаш») — иза ислам дин шена тӀедоьгӀначу пхеа бӀогӀамна луш йолу термин йу. Уьш пайхамаран масийттачу хьадисашкахь хьехийна йу. Уьш йу:

  1. Ши шахӀадат далор (тоьшалладар): «АллахӀ воцург кхин дела вац» аьлла тоьшалладар а, «Мухьаммад — цуьнан элча а ву» аьлла тоьшалладар а).
  2. Ламаз дар (иза дийнахь а, пхьуьйранна а пхи ламаз ду).
  3. Закат далар.
  4. Рамазан беттан марханаш кхабар.
  5. Хьаж дар (и дан ницкъкхочучо).

ХӀорш ислам дин шена тӀедоьгӀна арканаш йу аьлла къастийна Ибн Ӏумарера дийцинчу хьадисехь:

Ибн Ӏумара дийцина: “Суна хезира Делан элчано ﷺ олуш: «Ислам доьгӀна ду пхеанна (бӀогӀамна) тӀе: «“АллахӀ воцург кхин дела вац, Мухьаммад — цуьнан элча а ву” аьлла тоьшалладарна а, ламаз дарна а, закат даларна а, хьаж дарна а, Рамазан баттахь марханаш кхабарна а»»”.

Книга: Ийман, Сахьихь аль-Бухари: № 8; Сахьихь Муслим: № 16.

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Линкаш[нисйе бӀаьра | нисйе]