Абу Бакр аль-Бакъиллани

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Абу́ Бакр Мухьа́ммад ибн ат-ТӀаййиб аль-Бакъилла́ни
أبو بكر محمد بن الطيب الباقلاني
Говзалла Ӏелам стаг, къеда
Вина терахь 950({{padleft:950|4|0}})
Вина меттиг Басра
Кхелхина терахь 5.6.1013
Кхелхина меттиг БагӀдад
Къам Ӏаьрбий
Да ат-ТӀаййиб
Динан Ӏилманан гӀуллакх
Динлелор Ислам, сунний, ашӀарий
МазхӀаб маликитский мазхаб[d][1][2]
Хьехархой Ибн Муджахид ат-Таи[d][3], Абу аль-Хасан аль-Бахили[d][3][4], Ад-Даракутни[d], Абу Бакр аль-Абхари[d][5]
Дешархой Абу Исхак аш-Ширази[d][4], аль-Кади Абду-ль-Ваххаб аль-Малики[d][1], Абу Джафар ас-Симнани[d][1][6]
ГӀарадевлла белхаш аль-Инсаф фима Яджиб Итикадух[d][7], ат-Таркиб ва-ль-Иршад[d], Тамхид ад-даляиль ва-тальхис аль-аваиль[d][3]

Абу́ Бакр Муха́ммад ибн ат-Таййиб аль-Бакилла́ни (Ӏаьр. أبو بكر محمد بن الطيب الباقلاني‎‎; 950 гергга, Басра5 июнехь 1013) — ашӀарийн каламан ишколан исторехь дуьххьарлера ладаме стаг, ашӀарийн философийн шолгӀачу чкъоьран векал. Каламан хьесапашца йина дуьххьарлера ашӀарийн доктринан систематикан формула, кечйина цуьнан метафизикан структура.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Аль-Бакъиллани вина Басрехь, билггала вина терахь хууш дац, хетарехь 940 шо гергга. Басрехь аль-Бакъилланис дийшира аль-АшӀарин шина дешархочуьнгахь. Басрера 970 шо гергга долуш цуьнга кхайкхира динах къовсамехь дакъа лаца буидин эмиран Ӏадуд-ад-даулан кертахь. Цул тӀаьхьа иза кхелхира эмирца БагӀдаде, цигара 982 шарахь хьажийра официалан вакилатца Константинополе, 983 шо кхаччалц цигахь хьевелира иза, ша даьхьна гӀуллакх чекх ца долуш, эмир валар бахьнехь делахь йа даьхьна гӀуллакх чекхдаккха аьтту боцуш делахь а. Константинополехь цуо масийттаза къамел дира византийн императорца, цуо бакъо йелира аль-Бакъилланин ша волуш чалма а, баьццара оба а, мачаш а дӀа ца йаха[8].

Шен йисина хан, йерриг аьлча санна, аль-Бакъилланис йаьккхира БагӀдадехь[9].

Кхолламаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • I‘jāz al-Qur’ān
  • Al-Intiṣār lil-Qur’ān
  • Al-Taqrīb wa-al-irshād al-ṣaghīr
  • Kitāb tamhīd al-awāʼil wa-talkhīṣ al-dalāʼil
  • Al-Inṣāf fīmā yajibu i‘tiqāduhu wa-lā yajūzu al-jahl bihi fī ‘ilm al-kalām
  • Manāqib al-A’immah al-arba‘ah

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]