Давыдкин, Виктор Алексеевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Виктор Алексеевич Давыдкин
Вина терахь 1945 шеран 11 апрель({{padleft:1945|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (79 шо)
Вина меттиг Воронеж, РСФСР, ССРС
Гражданалла:  ССРС
 Росси
Дешар: Воронежан пачхьалкхан Ленинан комсомолан цӀарах университет
Ӏилманан тӀегӀа:
Парти: Россин демократин харжам
ГӀулаккхан тайп: политик, Российн Федерацин I кхайкхаман Федералан гуламан депутат
Викилармин логотип Виктор Алексеевич Давыдкин Викилармехь

Давы́дкин Виктор Алексеевич (вина 1945 шеран 11 апрелехь, Воронежехь, РСФСР) — российн политикин гӀуллакххо, хьалхара кхайкхаман Пачхьалкхан думин депутат.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина гӀуллакххойн доьзалехь. Воронежан пачхьалкхан Ленинан комсомолан цӀарах университетан физикин факультетан студент хилла 1962-1964 шерашкахь а, 1967-1970 шерашкахь а (царна йукъахь эскарехь хилла). 1970-1971 шерашкахьлахара Ӏилманан белхало болх бира ВПУ физикин факультетехь. 1971-1974 дешна ВПУ теоретикин физикин кафедрера аспирантурехь, физикин-математикин Ӏилманийн кандидат. 1974—1992 шерашкахь — хьехархо, ВПУ математикин физикин кафедрин доцент.

1989 шарахь иза хилла "Экологин инициатива" боламан лидерех цхьаъ, ССРСхь хьалхарчу референдуман хьалхелелийнарг (Воронеж АЭСехь). 1990 шарахь дуьйна — Воронежан областан кхеташонан депутат, «Демократин Росси» фракцин куьйгалхо, 1991—1993 шерашкахь — Воронежан областера Россин президентан векал. 1991 шеран августехь областан ЧХӀПК дуьхьало йаран штабан коьртехь вара.

1993 шеран декабрехь Пачхьалкхан думин депутат хаьржира Левобережни харжаман № 76 гуонехь (гулдира 16,87% кхаьжнаш), йукъараллин цхьанакхетарийн а, динан кхолламийн а комитетан декъахо хилла, Мандатан комиссин декъахо. «Россин харжам» фракцин йукъавахара, вара цуьнан председателан гӀовс, 1994 шеран мартехь — Россин демократин харжам парти кхолларан инициативан тобанан декъахо. Къаьстира дукхаха болчу фракцин декъахойх Нохчийчуьра тӀеман йукъаметтигийн белхашна реза воцуш (нохчашцаболу тӀом бахьнехь Кремлан оппозици вахаран дуьхьала вара), 1995 шеран 4 мартехь цунна чуьра аравелира. Хилира депутатийн «Росси» тобанан лидерех цхьаъ, иза дика йара президентаца Ельцин Борисца. 1994 шарахь дуьйна «Россин харжам» боламан сопредседатель.

1995 а, 1999 а шерашкахь йуха а Пачхьалкхан думе баллотировка йира, амма ца хаьржира. Депутатан бакъонаш совцийначул тӀаьхьа йуха а, хьеха волавелира ВПУ физикин факультетехь. Кхин дӀа а йукъараллин-политикин гӀуллакх лелийра.

1996 шарахь дуьйна КъАЙ «Электронтехстрой» регионийн программийн куьйгалхо ву. 1998 шарахь дуьйна Воронежан пачхьалкхан университетан математикин физикин кафедрин доцент, Воронежан областан йукъараллин «Цхьаьнатоьхна демократин центр» кхолламан председатель, «Тхо — гражданаш» газетан коьрта редактор.

Зуда а, кхо бер а ду. Самукъадолу: теннисах, неканах, лыжех, баскетболех, бошмашлелорах, хасбошмашлелорах.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]