Даймехкан Турпалхойн де

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Даймехкан Турпалхойн де
Даздо Российн Федерацехь
Терахь 9 декабрь
Даздар 9 декабрехь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Даймехкан Турпалхойн де (я доцца Турпалхойн де) — Россехь 9 декабрехь хӀора шарахь даздеш долу иэсан терахь. Белхан де ду.

Истори а, даздар а[нисйе бӀаьра | нисйе]

2007 шеран 25 январехь, законан проекте хьажале цхьа де хьалха, РФ Пачхьалкхан думан председатела а, «Единая Россия» партин Лакхара советан председатела Грызлов Бориса шен интервьюхь журналисташна дийцира, «къамел ду Россехь революцил хьалха хилла долу Ӏида метта хӀотторах — 9 декабрехь даздеш хилла Георгийн кавалерийн де. Изза терахь тосура ду Даймехкан Турпалхойн дийнах а, царна а хьакъ ду шайн Ӏида хила»[1].

Иэсан терахь Даймехкан Турпалхойн де хӀоттийна Российн Федерацин Пачхьалкхан Думо 2007 шеран 26 январехь, российн парламентареш тӀеийцира законан проект дуьххьара дешарехь[2]. Документах кхеторан яззамехь дуьйцура: «вай ял турпала дайшна дӀаелла ца Ӏа, вай лерам бо хӀинца бехачу Советийн Союзан Турпалхойн, Российн Федерацин Турпалхойн, Сийлахь Георгийн орденан а, Сийн орденан а кавалерийн». Циггахь законан проектан автораш дог дохура, Российн керла иэсан терахьо гӀо дийра ду «юкъараллехь майра а, кӀела диллина хӀума а доцуш Даймехкан гӀуллакхан идейш кхолларехь».

2007 шеран 21 февралехь депутатийн лаам къобал бира Федерацин Совето.

2007 шеран 28 февралехь иза къобал йира Российн Федерацин Президента Путин Владимира[3].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

См. также[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]