Корнеев, Юрий Иванович
Корнеев, Юрий Иванович | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Кеп:Lang-XX | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | вайн форвард | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 197 см | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Возалла | 92 кг | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | ССРС | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1937 шеран 26 март | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Москох, ССРС | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь: | 2002 шеран 17 июнь (65 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | Москох, Росси | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Корне́ев Ю́рий Ива́нович (1937 шеран 26 март, Москох, ССРС — 2002 шеран 17 июнь, Москох, Росси) — советийн баскетболхо, Олимпийн ловзарийн шозза детин совгӀатхо. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1956).
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Вина Москохахь 1937 шеран 26 мартехь.
Чекхйаьккхира Москохан технологин йайн промышленностан институт «инженер-экономист» говзаллица. Чекхйаьккхира кхин а ПЦЛОФОьИ.
Институтехь доьшуш волуш, дакъалецира Москохан хьалхейаккхаран къийсамашкахь, цигахь тидам а бина 17 шо долуш кхайкхира БК «Динамо»[1] йукъа.
Кхин а левзира ЦСКА (1962—1966) йукъахь.
1960 шеран Олимпиадехь ССРС гулйина командин йукъахь 8 матч левзира, детин мидал йаьккхира. Цул тӀаьхьара ловзаршкахь 9 матч левзина, йуха а даьккхира дети.
Спартакиадийн 1959 а, 1963 шерашкара толамхо хилла Москохан гулйина командин йукъахь.
Йалхазза хилла ССРС чемпион 1958/59, 1961/62, 1962/63, 1963/64, 1964/65, 1965/66 шерашкахь, 1962/63 шеран Чемпионийн Кад баьккхинарг[2].
1968 – 2000 шерашкахь тренер вара Москохан Москворецки (хьалха — Советийн) кӀоштан БЖСИ къона баскетболхойн (хӀинца — Ю. Я. Равинскийн цӀарах СБЖОРИ № 49 йолу «Тринта»). Цуьнан кхиорхошна йукъахь — ЦСКА йукъахь левзина А. Вадеев, Российн дуккхаза а чемпион.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Зуда йалийна хилла, кӀант Михаил, баскетболхо, 1992 шарахь бохамехь велла.
Велла 2002 шеран 17 июнехь Москохахь. ДӀавоьллина Ваганьковн кешнашкахь 9-гӀа декъехь.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Юрий Корнеев
- ↑ З. А. Генкин, Р. Я. Яхонтов. Баскетбол: Справочник. — М.: Физическая культура и спорт, 1983. — 224 с.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Юрий Иванович Корнеев — олимпийн статистика сайт тӀехь Sports-Reference.com(ингалс.)
- Бинарш 26 мартехь
- Бинарш 1937 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Москохахь
- Белларш 17 июнехь
- Белларш 2002 шарахь
- ССРС Спортан хьакъ долу говзанчаш
- Спортхой абатца
- Баскетболхой абатца
- ССРС баскетболхой
- БК «Динамо» Москох ловзархой
- БК ЦСКА Москох ловзархой
- Баскетболхой 1960 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболхой 1964 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- 1960 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхой
- 1964 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхой
- Баскетболех ловзаран ССРС гулйина командин ловзархой
- Баскетболех ловзаран ССРС чемпионаш
- Баскетболан Европин чемпионаш
- ССРС къаьмнийн Спартакиадин чемпионаш
- ССРС баскетболан тренераш
- Москохан пачхьалкхан кӀадин А. Н. Косыгинан цӀарах университетан арахецархой
- Российн пачхьалкхан физикин оьздангаллин, спортан, кегийрхойн, туризман университетан арахецархой
- ДӀабоьхкинарш Ваганьковски кешнашкахь