Коьрта динаш лелочеран барам

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Дин
Йукъара концепцеш
ИбрахӀиман динаш
ХӀиндин динаш
Генара Малхбален ламаста динаш
Коьрта кхетамаш

Дуьнен дукхаха болу бахархой динехь бу, иза йа важа кепара дин леладо.

Дуьненан уггаре доккха (тӀаьхьахӀиттинчеран барамца) дин ду керсталла; XX бӀешеран дохаллехь Дуьненан берриг бахархошна йукъара керстачеран дакъа ца хийцаделча санна ду, лаьтта 33 %. ШолгӀа дуьненан дин лору ислам (23 % дуьненан бахархой). Тешаш боцучеран барам, (царна йукъахь агностикаш, атеисташ, кхин берш а) дикка къовсаме бу, тайп-тайпана талламчаша мах хадабо планетин бахархойх 11—16 %. Дуьненан бахархойх кӀезиг дакъа дац хӀиндуистийн (14—15 %), буддистийн (7 %), ламаста динийн агӀончийн.

Дин лелориш 2010 шарахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

10 млн сов стаг йукъахь волу дин долу а, дин доцу а тобанаш, 2010 шо, млн. ст. (Дж. Мелтон. «Дуьненан динаш» жайнин хаамашца)
10 млн сов стаг йукъахь волу дин долу а, дин доцу а тобанаш, 2010 шо, млн. ст. (Дж. Мелтон. «Дуьненан динаш» жайнин хаамашца)

Лахахь хӀоттийна таблицехь, коьрта динийн векалийн барамех лаьцна хаамаш. Балийна 2010 шеран хаамаш, схьаэцна кхаа хьостера — Дж. Мелтонан «Дуьненан динаш» энциклопедера, «Британника» энциклопедера, америкин талламан Pew Research Center (PRC) центран чоьтера.

Дин «Дуьненан динаш»[1] «Британника»[2] PRC[3]
1 Керстанаш 2 292 454 000 33,2 % 2 280 616 000 33,0 % 2 173 180 000 31,5 %
2 Бусалбанаш 1 549 444 000 22,4 % 1 553 189 000 22,5 % 1 598 510 000 23,2 %
3 ХӀиндуисташ 948 507 000 13,7 % 942 871 000 13,6 % 1 033 080 000 15,0 %
4 Агностикаш 639 852 000 9,3 % 659 781 000 9,6 % 1 126 500 000 16,3 %
5 Буддисташ 468 736 000 6,8 % 462 625 000 6,7 % 487 540 000 7,1 %
6 Цийн дин 458 316 000 6,6 % 454 404 000 6,6 % 405 120 000 5,9 %
7 Халкъан дин 261 429 000 3,8 % 269 723 000 3,9 %
8 Атеисташ 138 532 000 2,0 % 137 564 000 2,0 % хьажа «ца тешарш»
9 Керла динаш 64 443 000 0,9 % 63 684 000 0,9 % хьажа «кхин»
10 Сикхаш 24 591 000 0,4 % 23 738 000 0,3 % ‘‘хьажа «кхин»
11 ЙахӀудеш 14 641 000 0,2 % 14 824 000 0,2 % 13 850 000 0,2 %
12 Спиритисташ 13 978 000 0,2 % 13 732 000 0,2 % ‘‘хьажа «кхин»
13 Даосаш 9 017 000 0,1 % 8 429 000 0,1 % ‘‘хьажа «кхин»
14 Бахаиш 7 447 000 0,1 % 7 337 000 0,1 % ‘‘хьажа «кхин»
15 Конфуцианхой 6 461 000 0,1 % 6 516 000 0,1 % ‘‘хьажа «кхин»
16 Джайнаш 5 749 000 0,1 % 5 276 000 0,1 % ‘‘хьажа «кхин»
17 Синтоисташ 2 782 000 0,0 % 2 772 000 0,0 % ‘‘хьажа «кхин»
18 ЦӀеран дин лелориш 181 000 0,0 % 178 580 0,0 % ‘‘хьажа «кхин»
19 кхин 1 427 000 0,0 % 58 110 000 0,8 %
Дуьне, дерриг 6 906 560 000 100 % 6 908 689 000 100 % 6 895 890 000 100 %

Коьрта динаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Керсталла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дуьненан уггаре доккха динан векалша цхьаалла а ца йитина, декъалуш ду иттаннаш эзарш деноминацешка. Билламе, керстанаш бекъа мегар ду 4 коьрта агӀоне:

дуьненан тайп-тайпана мехкашкара керстачеран дакъа

Керстанаш алсама бу Европин, Къилбаседа а, Латинийн а Америкин, Океанин бахархошна йукъахь. Африкехь керстачеран дакъа 47,9 % кхаьчна; Азехь жӀарна тӀехьабозурш бахархой 8,5 % бен бац (278 млн тешаш берш)[7].

Ислам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Исламехь йукъара тӀеэцна классификацеш йац. Pew Research Center арахоьцу чоьташа, бусалбанаш боькъу суннийшка (2009 шарахь 87—90 % берриг бусулбачех) а, шиӀийш (10—13 %) а[8]. Цу тӀе, талламийн авторша дери до, исламехь кхин а тобанаш хиларх, ткъа кхин а йукъара-исламан некъ суьпалла. «Дерригдуьненан керсталлин энциклопедис» (World Christian Encyclopedia, WCE) ислам доькъу кхаа некъе[9]:

Дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкара бусалбанийн дакъа

Керсталлин а, исламан а къийсамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Адамашна чӀогӀа хаа лаьа бусалбанийн а, керсталлин а тӀейогӀучу хенашкара динамика. XX а, XXI а бӀешераш хийцалучу хенахь процента нагӀора бусалбанаш тӀекхетар керстачарел алсама хилар лаьрра, различные футурологаша дӀахьедора тӀаьхьа бусалбанаш керстачарел сов а бевлла, уггаре доккха дуьненан дин хир ду бохуш.

Иштта, дуьненна а вевза социолого Хантингтон Самюэла шен Цивилизацеш Ӏиттайалар (1993 ш.) къинхьегамехь прогноз йира, ислам дуьненан уггаре доккха дин хир ду XXI бӀешеран хьалхарчу итт шарахь; оцу хьостаца 2025 шарахь бусалбанийн дакъа планетин бахархошна йукъахь кхача деза 30 %, ткъа керстачеран дакъа дожа деза 25 %[10]. Оцу прогнозан хьалхара дакъа кхочуш ца хилла, Хантингтонан 2025 шаран йина прогноз а дукхаха болчу бевза талламчаша дӀатоьтту. Цара лору, керсталла 2050 шарахь а хӀуонда дин хилар.

Лараман методологи[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Бахархой багарбар. Дукха хьолехь муьлхачу динехь ву боху хаттар йукъатоьхна бахархой багарбаран бланкан могӀанашна. И хьост лаьрра тешаме динан шенидентификаци йеш. Амма мехкийн ладаме декъо ца йо бахархой багарбаран мероприяти йа динах долу хаттар ца хӀоттадо бланк тӀе; цу тӀе бахархой багарбаран болх сих-сиха а ца бо, цуьнан хаамаш хаъал ширло. Цхьацца правительствош бехке йеш йу бахархой багарбаран терхьаш галйахарна, царна йукъахь ду динех дерг а.
  • Хеттарш. Ишттачу хьостаца гулбинчу хаамийн нийсалла йозуш йу бинчу талламан дикаллех, хьалхарчу рогӀехь — репрезентативаллех. Хеттарийн хаамийн кӀезиг таро йу кегийра динан тобанийн нийса терахь гучуйаккха. Цхьацца мехкашкахь кӀезиг болчу динан векалша хеттаршна жоп ца дала йа нийса ца дала таро йу.
  • Мах хедор, лач хаамийн бух тӀехь ду. Цхьадолу тайпанийн динийн векалш багарбо тайпанан декъахой а лорий; цу тӀе кхетадо, тайпанан берриг векалш цхьа дин лелош хилар. Цхьацца православин килсаша и хьесап леладо. Иштта мах хадор вуно чӀогӀа тешам боцуш ду.
  • Аренан талламаш лелабо кегийра динан тобанийн барам билгалбоккхуш. Дукха хьолехь иза цхьаъ бен доцу хьесап ду кегийра кхолламийн барам билгалбаккха, гӀеххьа къевлина сектийн муххале а.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Melton, 2010, p. lix.
  2. Darrell J. Turner. Religion: Year In Review 2010. Worldwide Adherents of All Religions (инг.). Encyclopedia Britannica (2011). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 2 июль.
  3. The Global Religious Landscape. A Report on the Size and Distribution of the World’s Major Religious Groups as of 2010 (инг.) (pdf). Pew Research Center (2012 шеран декабрь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 2 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 24 сентябрехь Архивйина 2015-09-24 — Wayback Machine
  4. Global Christianity A Report on the Size and Distribution of the World's Christian Population (инг.). The Pew Forum on Religion & Public Life (2011 шеран 19 декабрь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 27 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 19 апрелехь Архивйина 2013-04-19 — Wayback Machine
  5. Ревуненкова Н. В. Введение // Протестантизм. — СПб.: Питер-Юг, 2007. — 224 с. — (Религии мира). — ISBN ISBN 978-5-469-01656-4.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  6. Global Christianity A Report on the Size and Distribution of the World's Christian Population (инг.). The Pew Forum on Religion & Public Life (2011 шеран 19 декабрь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 27 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 28 апрелехь
  7. Melton, 2010, pp. lix — lxxii.
  8. Mapping the Global Muslim Population. A Report on the Size and Distribution of the World’s Muslim Population (инг.) (PDF). Pew Research Center (2009 шеран октябрь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 2 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 8 ноябрехь Архивйина 2013-07-25 — Wayback Machine
  9. Barrett, 2001, Global Table 1-1, p. 4.
  10. Samuel Huntington. Chapter 3. A Universal Civilization? // The Clash of Civilizations and the remaking of world order. — illustr.. — Simon and Schuster, 2007. — P. 65—66. — 368 p. — ISBN 9781416561248.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

оьрсийн маттахь
  • Зеленков М. Ю. Приложение № 1. Классификация мировых религий (по П. И. Пучкову) // Мировые религии: история и современность. — М.: Юридический институт МИИТа, 2003. — С. 130—171. — 252 с.
кхин меттанашкахьна других языках