МахӀди

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ан-Набави маьждиг чохь йазйина МахӀдин цӀе
Ислам
Исламан арканаш
Ийманан арканаш
Истори а, бусалбанаш а
Коьрта тобанаш
Ӏилма
Культура а, йукъаралла а
Хьажа иштта
Ков     Категори     Викидошам     Викицитатник     Викитека     Викихаамаш     Викисклад

МахӀдӣ (Ӏаьр. المَهْدِيُّ‎‎) йа Ларвеш волу МахӀди (Ӏаьр. المَهْدِيُّ الْمُنتَظَرُ‎‎ Аль-МахӀди аль-Мунтазар), шийӀашна гергахь Къайлаваьлла имам[1] (Ӏаьр. الإمام الغائب‎‎ Аль-Имамул-ГӀаиб) — иза ислам динехь, тӀаьхьарчу заманахь, лаьтта тӀера адамийн дахаран чаккхенгахь гучувер волу стаг ву. Иза нийсо йеш воккха паччахь хир ву, лаьтта букъ тӀера зуламаш а, бохамаш а чекхбохучу дарже кхаччалц. Цо йаржор йу нийсо а, нийса ислам дин а, тӀемаш а бийр бу, исламан мостагӀашна тӀехь толам а боккхур бу, къаьсттина «жуьгташна» тӀехь.

Исламан хьосташкахь иза гучувер ву аьлла барт хиллехь а, амма цуьнан адаман (личность) хьокъехь ойланаш йекъайелла. Ткъа къегина бекъабалар бусалбан йоккхачу шина тобана йукъахь ду: суннатхошна а, шийттаннийн (иснаӀашарийят) шийӀашна а. Суннатхоша боху, иза шен цӀе Мухьаммад пайхамаран цӀарца йогӀуш стаг хир ву (Мухьаммад ибн ӀабдуллахӀ аьлла), иза дуьнен чу вер ву массо а адам санна, ша МахӀди хилархьама[2]. Ткъа шийттаннийн шийӀаш тешаш бу иза Делан элчан цӀийнан охӀланах ву, цуьнан йоӀан ФатӀиматан берех, шен цӀе Мухьаммад ибн аль-Хьасан а йолуш, хӀижрин 255-чу шарахь дуьнен чу а ваьлла, цу хенахь дуьйна дийна а ву, амма бӀаьргех къайлаваьлла ву, тӀаьхьарчу заманахь шен пачхьалкх дӀахӀотто гучу а вер ву аьлла[3].

Суннатхошна гергахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьиджран хьалхарчу бӀешерашкахь Маьхьди гуора хин волу урхалча санна, цуо юьхьанца ма-хиллара цӀандан дезара ислам. Оцу меттиге тоьттура «антихалиф» ӀабдуллахӀ ибн аз-Зубайр. Масихьан ойланаш шуьйра яьржира шиӀизмехь, Маьхьди варах тешар дӀаийра «къайлаваьлла» имам Мухьаммад аль-Маьхьди юхаверзарца[4].

Масихьан ойланаш исламан социалан а, динан а боламийн са иркара хӀиттадора. Маьхьдин цӀе лелийра ФатимгӀеран некъий кхоьллина ӀубайдаллахӀ аль-Маьхьдис (909—1171); АльмуваххьидгӀеран некъий кхоьллина Мухьаммад ибн Тумарта, Малхбален Суданера МаьхьдигӀеран гӀаттаман тхьамдано Мухьаммад Ахьмада[4].

Маьхьди Ӏийса санна стиглара вуссур вац, ткъа цуьнца цхьаьна латта тӀехь Делан паччахьалла хӀоттор ю. Иза хир ву Мухьаммад пайхамаран тӀаьхьенех, шен гӀуллакх долор ду Дажал варца цхьаьна. Ӏийсаца цхьаьна, цуо тӀом бийр бу Дажалан дуьхьала, тоьлар а ву иза Дажалал. Ӏийсас а, Маьхьдис а дӀадохур ду ницкъбар а, харцо а, хӀоттор ду нийсонан бакъ долу Ӏедал[5].

Васт[нисйе бӀаьра | нисйе]

Маьхьди хир ву кхечарех тера стаг, шен муьран нийсархо[5]. ШиӀийш теша Маьхьди дийна хиларх, кестта дуьнен тӀехь нийсо меттахӀоттор хилар. ШиӀизмах къаьстина, суннийн Маьхьди, И. Гольдциера билгалдаккхарца, «билгала доцу адам, мифан тӀейогӀучу хенан хазна»[4].

Цьаболчу Ӏалимаш Маьхьди а «дин цӀандийриг» (муджаддид) цхьаъ лору[5].

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. كيف يكون إماماً وهو غائب ؟ وما فائدته ؟. web.archive.org (2022 шеран 22 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 22 май.
  2. عرض صفحة الكتاب - الحديث - موقع الإسلام. web.archive.org (2017 шеран 30 июль). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 22 май.
  3. أعيان الشيعة - الأمين، السيد محسن - کتابخانه مدرسه فقاهت. web.archive.org (2018 шеран 12 июнь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 22 май.
  4. 1 2 3 Ислам: ЭС, 1991.
  5. 1 2 3 Али-заде, 2007.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Прозоров С.М. ал-Маьхьди // Ислам: энциклопедический словарь / отв. ред. С. М. Прозоров. — М. : Наука, ГРВЛ, 1991. — С. 163.
  • Али-заде А. А. http://slovar-islam.ru/books/M.html#Mahdi41 // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.
  • «Мукаддима ибн аль-Салах», Сахих аль-Бухари, Дар аль-Мааариф, стр. 160-169.
  • Джафар аль-Садик, Аль-Гайба (Заклинание): рассказы о пророчествах аль-Маьхьди Имамом Джафаром аль-Садиком, издательством «Михраб».
  • Бакр аль-Маджлиси, Мухаммад (2003 год), Китаб аль-Гайбат, Qom: Ansariyan Publications.
  • Doi, ARI, «Yoruba Mahdī», журнал «Религия в Африке», 4 (2): 119-136, doi: 10.1163/157006671x00070, JSTOR 1594738.
  • Мартин, Ричард К., изд. (2004 год), «Маьхьди», Энциклопедия ислама и мусульманский мир.
  • Момен, Моджан (1985 год), введение в ислам шиитов, Нью-Хейвен, Коннектикут: Йельский университет, ISBN 0-300-03531-4.
  • Шаухат Али, тысячелетние и мессианские тенденции в исламской мысли (Lahore: Publishers United, 1993 год)
  • Timothy Furnish, Holiest Wars: Исламский Маьхьдис, Джихад и Усама Бен Ладен (Вестпорт: Преэгер, 2005 год) ISBN 0-275-98383-8.
  • Абдулазиз Абдулхусейн Сателина, Исламский мессианство: Идея Маьхьди в twelver Shi'ism (Олбани: Государственный университет Нью-Йоркской прессы, 1981 год) ISBN 0-87395-458-0.
  • Сяйх Хисям Каббани, «Подход Армагеддона» (Исламский Высший Совет Америки, 2002 год) ISBN 1-930409-20-6.
  • «Маьхьди», Британская энциклопедия, 2008 год

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]