Салихь аль-Фавзан

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Салихь аль-Фавзан
Говзалла Ӏеламстаг, факъихӀ, университетан профессор
Вина терахь 1935 шеран 28 сентябрь({{padleft:1935|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (88 шо)
Вина меттиг Аш-Шамасият, Аль-Къасим
Къам саӀуди, Ӏаьрбо
Да Фавзан бин ӀабдуллахӀ
Динан Ӏилманан гӀуллакх
Динлелор ислам, суннаталла, салафият
ГӀарадевлла белхаш Sharḥ (masāʼil al-Jāhilīyah li-Muḥammad ibn ʻAbd al-Wahhāb)[d], al-Mulakhkhaṣ al-fiqhī[d]
ТӀетоьхна хаамаш
Официалан сайт alfawzan.af.org.sa

Салихь бин Фавзан аль-Фавзан (Ӏаьр. صالح بن فوزان الفوزان‎‎ / 28 сентябрь 1935) — саӀудийн исламан Ӏеламстаг а, Ӏилманан правовед а ву, махкахь авторитет йолу масех динан организацийн декъашхо а ву[1].

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Салихь бин Фавзан вина 1935-чу шарахь Аш-Шамасиятехь, СаӀудийн Ӏаьрбийчохь. Аш-Шамасият олучу тайпанах схьаваьлла ву. Салихь бер долчу хенахь цуьнан да кхелхина, цундела гергарчу наха кхиийна иза. Йуьхьанцара дешар — дешаран лардаш а, йозанан а, Къуръанан а — шен гӀаларчу маьждиган имаман урокашкахь схьаэцна цо.

Дешар[нисйе бӀаьра | нисйе]

1948-чу шарахь схьайиллина йолу пачхьалкхан Аль-Къамариййат олучу школе деша вахана иза, 1950-чу шарахь Бурайдат гӀалахь Файсалиййат школа чекхйаьккхина цо, тӀаьхьо хьехархочун болх а бина. 1952-чу шарахь Бурайдатан Хьехархойн институте вахана иза, 1956-чу шарахь и чекхйаьккхина цо, цул тӀаьхьа Рияд гӀалахь йолу Мухьаммад бин СаӀуд имаман Исламан институте вахана иза, шарӀ Ӏаморан факультете деша, 1960-чу шарахь магистран а, фикъхӀан декъехь йолу докторан а даржаца и чекхйаьккхина цо.

И дешаран заведени чекхйаьккхинчул тӀаьхьа иза хьехархочун болх беш Ӏийна цигахь, тӀаккха лакхарчу образованин Департаментан балха дехьаваьлла, тӀаьхьо масех хан йаьлча цо СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан Лакхарчу суьдехь куьйгалла дина, оцу гӀуллакхехь йолу цуьнан бакъонийн хан чекхйаьлча иза хьехархочун балха йухавирзина[2][3].

2013-чу шарахь «Баккхийчу Ӏилманхойн Барт» — олучу органан декъашхо ву иза, динан хеттарш луш СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахьца дагаволуш йолу[4], иштта кхечу динан организацийн дийнна могӀанан а. Иштта иза МитӀабат маьждиган имам а ву, шен долахь радион передача а йолуш.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. SHEIKH SALEH IBN FAWZAN AL-FAWZAN. teachIslam.com. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 28 май.
  2. Ajurry.com — Биография(Ӏаьр.)
  3. Биография(оьр.)
  4. Council of Senior Ulema reconstituted. Saudi Gazette. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 27 май.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]