Тиблисин коьрта рузбан маьждиг

41°41′14″ къ. ш. 44°48′37″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Маьждиг
Тиблисин коьрта рузбан маьждиг
ჯუმა მეჩეთი
Пачхьалкх
Координаташ 41°41′14″ къ. ш. 44°48′37″ м. д.HGЯO
Архитектурин хатӀ Исламан архитектура
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Тиблисин коьрта рузбан маьждиг (гуьржийн маттахь თბილისის მეჩეთი я ჯუმა მეჩეთი)- Тбилисехь Наринкхалан кӀажехь а, Ботаникан урамехь долу маьждиг. Шахьрехь цхьаъ бен доцу бусулбанийн зиярт ду.

VII-чу бӀешаран шолгӀачу декъехь Ӏарбоша тӀамца яьккхинчул тӀаьхьа бусалба нах баьхкара Тиблисе. Юккъерчу бӀешаршкахь масийтта маьждиг дара гӀалахь. Куран хийистехь дара уггаре доккха маьждиг . Иштта 1522—1524 шерашкахь шах волу I-чу ИсмаьӀало дина шиӀитийн маьждиг дара шахьран къилбехь. Метехи хинна керла тӀай тилларца 1950-чу шарахь шах ИсмаьӀалан маьждиг дохадира.