Шис

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Шис
Ӏаьр. شيث‎‎
ХӀибатуллахӀ (Делан совгӀат)
Говзалла пайхамар
Вина терахь 3874 в. э. хьалха[1] йа 3670 в. э. хьалха[2]
Кхелхина терахь 2962 в. э. хьалха[3] йа 2758 в. э. хьалха[4]
Да Адам
Нана Хьавваъ
Зуда Азура[d]
Бераш Ануш
Лоруш волу динаш ислам, насаралла, жуьгталла

Шӣс (Ӏаьр. شِيثٌ‎‎; Ӏебар. שֵׁת‎, Ше̄с — «хьал», «бух», «чӀагӀдар», желт. Σηθ) — иза исламан пайхамар а, Адам пайхамаран а, Хьавваан а кхоалгӀа кӀант ву, Къабилий, ХӀабилий дӀаваьллачул тӀаьхьа. Иза Къуръан чохь хьахийна вац, амма Мухьаммад пайхамаран ﷺ хьадисашкахь хьехийна ву. Библи чуьра ДӀадоладаран жайно ма-бохху, Шис дуьнен чу ваьлла ХӀабил вийначул тӀаьхьа. Хьавваа Далла шукардира Цо шена иза валарна, ХӀабилан метта.

Исламан дийцарехь хьахадо цунна хьикмат деллера аьлла, цундела цунна хууш хилла ХӀорд тӀебалар маца хир ду а, буьйсанан ламазан кеп а. Бусалбан а, насарийн а, жуьгтийн а дино ма-бохху, адамийн силсила (генеалоги) Шисера схьайаьлла йу, ткъа ХӀабилан цхьа а бер ца хилла, ткъа Къабилан кӀентий, ХӀорд тӀебаьллачу хенахь белла, хӀара исламан дийцарехь ма-бохху ду[5]. Иштта дийцаршкахь деана ду, исламан ламастан масех пхьола цуьнгара схьайаьлла йу аьлла, масала, дийнатийн маӀех ахкарш (йехк) йар[6].

Дахар дӀайаздар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Исламехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Исламан литературехь ма-бохху, Шис дуьнен чу ваьлла Адаман бӀе сов шо долчу хенахь. Адама Шис тӀехӀоттийна хилла элчаналлин мохь дӀабахьарна а, шен хьалхарчу берашна тӀехь куьйгалладарна а. Цуьнга доссийла хилла 50 хьарчораш (сухьуф).

Шис дӀавоьллина ву Ан-Наби Шис олучу эвлахь, БикъаӀан тогӀенийн лаьмнашкахь, Ливанехь. Цигахь цуьнан цӀарх дина маьждиг а ду.

Насараллехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Юбилейн таптар чохь Александрийн Ӏадатехь ма-бохху, Шис дуьнен чу ваьлла Ӏаламан шеран 130-чу шарахь. Шел диъ шо жима йолу шен йиша Азура йалийна цо, ӏ. ш. 231-чу шарахь. Ткъа Ӏ. ш. 235-чу шарахь, Азурас шен кӀант Ануш вира[7]. Шис Ӏийсан дайн список йукъавогӀуш ву, Лукъан Инжилан чохь ма-бохху 3:23–38.

Жуьгталлехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Рашис боху Шис Нухьин деда а, ХӀорд тӀебаларх кӀелхьардевллачу массо а адамийн да а ву. Гностицизмехь, Шис Къабило вийна волчу шен вешин ХӀабилан когаметтаниг ву олий, къаставо. Садр Олам РаббахӀа ма-аллара, Шис дуьнен чу ваьлла Ӏаламан рузманан 130-чу шарахь. ХӀажжадат чохь ма-бохху, цуьнан 33 кӀант а, 23 йоӀ а хилла. Садра Олама ма-аллара, Шис кхелхина Ӏ. ш. 1042-чу шарахь.

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. https://amazingbibletimeline.com/timeline_online/
  2. Kantor M. (unspecified title) (инг.) — 2004. — P. 7. — ISBN 978-0-87668-229-6
  3. 8 // Genesis, בְּרֵאשִׁית, Första Moseboken(бил-боцу.)
  4. Kantor M. (unspecified title) (инг.) — 2004. — P. 8. — ISBN 978-0-87668-229-6
  5. Nations, United المحاضر الموجزة للجلسات ٣٠٨٠ إلى ٣١٢٧ المحاضر الموجزة لجلسات الجزء الأول من الدورة الثالثة والستين المعقودة جنيف في الفترة من ٢٦ نيسان/أبريل إلى ٣ حزيران/يونيه ٢٠١١ (инг.). www.un-ilibrary.org (2020 шеран 28 июль). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 9 май.
  6. Islam and The Destiny of Man, غاي إيتون, Islamic Texts Society, 1994, صص. 211–212: (في الطريقة التقليدية لصناعة المشط من قرون الحيوانات) "يمكن تتبع تاريخ هذه الحرفة لنصل إلى أول شخص ابتكرها...شيث..."
  7. The Wesley Center Online: The Book Of Jubilees. wesley.nnu.edu. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 9 май.